МУ "Управление образования Гудермесского муниципального района"
«Нохчийн мотт – нохчийн къоман аз»
06.05.2024«Нохчийн мотт – нохчийн къоман аз» цIе йолу даздар дIадаьхьира 2024 шеран хIутосург беттан 3-чу дийнахь Гуьмсера № 4 йолчу йуккъерчу ишколехь.
Историн цхьа дакъа ду Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Федерацин Турпалхочо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан кавалера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, нохчийн мотт Iалашбаран, кхидIа шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларйарехь цо лело маьIна лакхадаккхаран Iалашонца «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Указана куьг йаздина, оханан беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де дIакхайкхор. ХIора ишколо хIусам а хIоттийна, цу чохь ишколийн векалша гойту нохчийн къоманан ширачу заманахь хилла дахар, х1оттадо хьаша тIеэцаран сурт. Хеза нохчийн къоман шира мукъамаш, турпалаллин иллеш, шира дийцарш, аларш. ХIора хIусамехь нохчийн духаршца кIант, йоI ду хьешашка маршала хатта а, шайн Iер-дахаран сурт довзийта а дIахIоьттина. Дахаран кIуьрлахь хьийза ширачу заманан бахархой. Нохчийн меттан денна лерина методикин кхачойаран отдело вовшахтоьхначу нохчийн маттахь арадевллачу «К1оштан тоьлла альманах» гайтаме лерина хьовсу хьеший, бинчу белхийн лаккхара мах а хадабо цара… Нохчийн меттан денна лерина даздаран шолгIа дакъа дIахьо ишколан актови зал чохь. Даздаран цхьаьнакхетар дIадоладо Гуьмсера №10 йолчу ишколан дешархойн тобано «Даймохк» цIе йолчу эшарца. Цхьаьнакхетар дIахьуш долчу Гуьмсан муниципальни кIоштан Ойсхара-гIалин №2 йолчу йуккъерчу ишколан къоначу хьехархочо Цуруев Шарабдин Виситас а, Комсомольскера йуккъерчу ишколан къоначу хьехархочо Сагаева Асланбекан Iайшата а салам-маршалла хаьттинчул т1аьхьа бовзуьйту дезде цхьаьнакхетараллин декъашхошца дIадахьа баьхкина лараме хьеший: Герзелиев Хизиран Даутхан – Республикин дешаран профсоюзан организацин куьйгалхо, «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Рамзанан Хожбауди, цуьнан заместитель Сумбулатов Абу-Iелин Дени, Алиев Замруддин Мохьмад – Россин йаздархойн союзан декъашхо, Асхабов Iаднанан Iабдул-Iазиз - нохчийн йаздархойн союзан декъашхо, Болатбиева Новрадин Анжелика – нохчийн дешаркхиоран институтан проректор, Дидиева Уддин Раиса – кIоштан профсоюзни организацин векал, иштта кхиберш а. Маршаллин дош ала сцени тIе кхойкху Гуьмсан кIоштан Дешаран урхаллин куьйгалхо Алхазов Iабдул-ГIафуран Зураб. Цо цхьаьнакхетараллин декъашхошна бовзуьйту кIоштарчу ишколашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан кавалера Нохчийн меттан де билгалдоккхуш Указ даьккхинчул тIаьхьа хилла кхиамаш. Вайн Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикан куьйгалле хIоьттинчул тIаьхьа, цо билгалйаьхначу Iалашонех ишколашкахь дешаран хьал йухаметтахIоттор коьртаниг хилла хилар довзийтира Iабдул-ГIафуран Зураба. Нохчийн меттан денна леринчу цхьаьнакхетарехь шайн къамелашкахь «Гумс» газетан коьртачу редакторо Борхаджиев Рамзанан Хожбаудис а, цуьнан заместитела Сумбулатов Абу-Iелин Денис а лакхара мах хадийра Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжас нохчийн меттан мехалла ойуш болийна болх цуьнан кIанта, вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана лакхарчу тIегIан тIехь дIахьуш хиларан. Цхьаьнакхетараллин декъашхоша а, ларамечу хьешаша а хестийра ненан мотт, дийцира цуьнан дозаллах. Цхьаьнакхетаре баьхкинчу хьешийн самукъадоккхуш, шайн хаарш довзийтира «ПохIмаллин беснаш» къовсаман номинацийн толамхоша: ГIоьрдалара ишколан дешархочо («Нохчийн маттахь стихотворени» номинаци), Гуьмсера № 13 йолчу ишколан инструментийн ансамбло («Пондар-гIирсан говзалла гайтар» номинаци), «ГIиллакх доьлху» сценка хIоттийра Гуьмсера № 8 йолчу йуккъерчу ишколан дешархойн тобано («Нохчийн маттахь театран дIахIоттам» номинаци), «Бералла» йиш лекхира Гуьмсера № 10 йолчу йуккъерчу ишколан дешархочо Айдамиров Зелимханан Асхьаба («Нохчийн маттахь эшар лакхар, илли алар» номинации), «Хинкоьртехь» хелхар дира Гуьмсера №3 йолчу ишколан дешархоша» («Хелхаран исбаьхьалла» номинации). Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар дуккха а хьехархошна, дешархошна, нохчийн маттаца уьйр-безам болчарна дагахь лаьттар ду. Хаза, сирла дагалецамаш оцу цхьаьнакхетарх хьехархойн, дешархойн бисийта Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалло, дешаран урхалл